ТIекхочийла долу линкаш

Хьех, мерах девлла Нохчийчура Iедалийн даздарш


Нохчийчоь - йишлакхархочуьнца Межиева маккица хелхаволуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Школийн а, лакхарчу доьшийлийн а тоьллачу дешархошна лерина дIаяьхьначу суьйренехь. Соьлж-гlала, 04Тов2013.

Нохчийчоь - йишлакхархочуьнца Межиева маккица хелхаволуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Школийн а, лакхарчу доьшийлийн а тоьллачу дешархошна лерина дIаяьхьначу суьйренехь. Соьлж-гlала, 04Тов2013.

Сих-сиха деза денош даздо Нохчийчохь. Даздо, уьш ма дукха ду, аьлла хоьтуьйтуш. Тоххара, шена дехаш а, са къоьруш а долчу Iедалшна букъ тоьхна, ша шена ехаш йолу нохчийн юкъаралла йоьлла цунах. Амма церан амал дайъина, Iедалийн даздаршкахь тIараш тоха а, гIортор ен а кеп лелон шаьш юкъаийзоро.

Шарахь мел даздарш дIахьо Нохчийчохь?Маса синкъерам,гулам-цхьаьнакхетар?Мел харж йо Iедалехь болчара беза-баккхий хьеший луьстуш,уьш резабан гIерташ? Махкахь комаьрша дIахьуш долу даздар-синкъерамаш лара хала дацахь а,схьахетарехь, мел ахча къастадо бохучу цу тIаьххьарчу хаттарна жоп цкъа а хир дац.

Гитлеран Германии тIехь толам баьккхина де,зударий базбен 8-гIа март,нохчийн зуда-нана язьен де,КадыровгIар бина денош,Оьрсийчоьнан де,терроран дуьхьала дIаехьна тIеман операци сацийна де,Оьрсийчоьнанца юкъаметтиг къастош кхаж тесна де кхин а.кхин а кхин а деза,чулацаме денош доцуш,махкахь хаддаза дIахьуш ю бен-бен фестивалаш,Iилманан,динан,гулам-конференцеш,хьашт мел ду а спортан къийсадаларш.

Кадыров Рамзанан цIарх Кубок къовсуш, ницкъ-хьуьнарш зуьйш, паргIатчу кепехь латаран рогIера 5-гIа турнир дIахьуш ю кху деношкахь Соьлжа-гIалахь.Дуьненаюкъара аьлла цIе тоьхна и къийсадаларш дIадахьа кхушара дуьххьала а доцуш жоьпалле ю нохчийн парламент.

Цуьнан хьостано гIардаккхарца Оьрсийчоьнан турпалхочун цIарах дIахьуш йолу и турнир юьхькIам а болуш дIаерзор хьокъехь кхеташо дIаехьна парламентехь. Цигахь дакъалаьцна Советан пачхьалкхан хакъволчу тренеро Багаев Дегис а , спортехь гIарбевллачу наха а, цхьа моггIа маьхькIамхоша а, спортан а, оьзданагаллин министраллин хьаькамаша а.

Нохчийчоьнан паргIатчу кепехь латаран Федерацехь экс президент волчу Оздамиров Iусмана дийцарехь, кху беттан 26-27 деношкахь хинйолчу турнирана массо декъехь кечамаш бина бевлла,хьещий тIеэцар, дIатарбарна тIекхаччалц. Цо чIагIдарца Соьлжа гIала вогIуш ву 20 пачхьалкхера 200 сов латархо.

Официала билгалдаккхарехь, цара хьуьнарш къовсур ду 7 йозалла-категорехь. И турнир цхьаьнатоха а, дIаяхьа а кхоьллина леррина комитет йоцуш, и къийсадаларш шен бIаьрга-Iуналлех латтош, куьйгалла деш ву Пачхьалкхан Дума депутат, Нохчийчоьнан спортан латаран Федерацин президент Делимханов Адам.

Нохчийн парламентан белхоша официалан а доцуш билгалдаккхарца толамхошна дала къастийна ду,механа деза,даккхий совгIаташ.

ХIуъчара дийцарехь шатайпа лераме совгIаташ лур ду, нагахь толамхой бовлахь нохчийн латархошна.Ткъа бахархойн хьажамах аьлчи уьш чот а ян ца ларало кхузахь тIаьхьий-хьалхий дIахьуш лаьттачу даздарийн. Ма-дарра аьлчи нах цу хиламах боьлла ца Iаш, царна кIордийна церан хьесап дан а, царех а, Iедалдайх а цецбийла а

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG