ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иванишвили Бидзине «политикан бекхам» ца бар дехна Европан Бертан министрша


Гуьржийчоьнан премьер-министре Иванишвили Бидзине, низамаш а ларий, «политикан бекхам» ца бан хьажа аьлла дехар дина Европан Бертан министрша.
Полшин арахьарчу гIуллакхийн министр Сикорски Радек а, Швецин арахьарчу гIуллакхийн министр Вилдт Карл а Тбилисехь хилира тахана.

Лахьанан бутт чекхболуш Вильнюсехь хир йолу саммит йолаялале, Малхбалера гIо-накъосталлин пачхьалкхашкахула йинчу турехь тIаьххьара гIала яра иза. Кхул а хьалха Украинехь а, Молдовехь а хилла министрш.
Саакашвилин цхьа моггIа бертахой а, накъостий а лаьцна, 2012-чу шарахь ГIадужу-баттахь Саакашвилин парти эшначул тIаьхьа, цара харц гIуллакхаш лелорна, бехке а бина.

Европан Бертера министршца къамел деш, Иванишвилис уьш тешийра, «кIезга бекхам, оьгIазалла а, алссам къинтIера довлар а, берте дахар а хир ду», аьлла.
Шинарин дийнахь Иванишвилис аьллера, президентан харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа Саакашвилис шегара далийтинчу масех хIуманна, иза кхеле озон мегаш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG