ТIекхочийла долу линкаш

НАТОна а, Оьрсийчоьнна а барт карон новкъарло еш, Европехь ракеташна дуьхьало ен система хIотторца йоьзна планаш ю


Оьрсийчоьнан а, НАТОн а цхьанаболх кхиарна новкъарло еш ерш, Европехь ракеташна дуьхьало ен система ярца йоьзна планаш а, Альянсан тIеман инфрастуктура оьрсийн дозанашна тIегIерташ хилар а ду аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс.
Брюсселехь, Оьрсийчоь-НАТО кхеташо чекхяьллачул тIаьхьа вистхиллачу Шойгус элира, цхьаьний, тIеэца мегар болу сацамаш лаха беза.
Шен агIора, Европера аркеташна дуьхьало ен система хIотторца доьзна дагадовларш кхин дIа а дан деза, цхьаьнацадараш дIадаха, элира НАТОн инарла секретара Расмуссен Андерса.
Оццу хенахь, Альянсан декъашхой хила луучу Украинина а, Гуьржийчоьнна а гIортор йира Расмуссена.
XS
SM
MD
LG