ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко европахойн телефонан къамелашка ладогIар дуьйцур ду Европан Бертан Брюсселера саммитехь


Iамеркан лерринчу урхаллаша Европера дуккха а пачхьалкхийн бахархойн телефонийн къамелашка къайлаха ладугIуш хилла хиларца доьзна, дуьненаюкъарчу девнаца еллалуш ю Брюсселера Европан Бертан саммит.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Вестервелла Гидос шена тIекхайкхина Берлинера Iамеркан векал Эмерсон Джон. Spiegel журнало немцойн канцлеран Меркел Ангелин телефон Iамеркан лерринчу сервисаша ладугIуш хилла бохучух кхето веза цо Вестервелле.

Iамеркан дукхах йолчу бертахоша-пачхьалкхаша емалдина, Iамеркан къайлахчу сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдварда гIарадаьхначу документашца а догIуш, Iамеркан къайлахчу сервисаша Европахойн къамелашка ладогIар.
Меркела шен Обамица хиллачу къамелехь иза кхетийна, цу тайпа гIуллакхаша бертахошна а, доттагIашна а юкъара тешам дIабоккхуш хиларх.

Оццу хенахь, Францин президент Олланд Франсуа ву, телефонашка ладегIар Саммитан дийцаршка даккхийта гIерташ.

Брюсселехь цхьаьнакхетта декъашхой кхина дагахь бу, экономика меттахIоттор а, керла технологеш юкъаяхар, иммиграцин проблемаш а йийца.
XS
SM
MD
LG