ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажарш тIеэцар, дIатарбар а Iедална тIехь ду


Нохчийчоь -- Кхане йоцу нах, 1996
Нохчийчоь -- Кхане йоцу нах, 1996

МухIажарш тIеэцар, дIатарбар а Iедална тIехь ду я, мухIажарша шаьш бан беза шайн гIайгIа, бохуш дара Маршо радиона дийцаре дина хаттар.

ЗIене бевлларш а, телефонна тIе хаам баийтинарш а, вайн вебсайтана тIехь комменташ йитинарш а, цхьабосса тешна бу, мухIажарш тIелаца а, дIатарбан а, церан хьашташ дерзон а тIехь дерг Iедал ду бохучух.

Нохчийчу тIом беънарг оьрсийн Iедалш дара. Цара ахчанаш билгалдаха деза, Нохчийчоьнан Iедало, шен агIора, шайгара кхин а алсам аьттонаш бан беза мухIажаршна аьлла хетачех ву Хьумид.

Линкана тIе

МухIажарийн статусехь бацахь а, Нохчийчохь Iаламат дукха боху, бохуш дуьйцу Мусас, дан амал доцуш, вуно чолхе дахаран хьелаш долу нохчий.

Линкана тIе

Дезденош гIар-татанца даздечу хенахь миллионашкахь ахчанаш дойъу, ткъа и тайпа харжаш яр миска нахана эрна хета бохуш реза воцуш дуьйцу Мусас
Цхьаболчарна дага а ца догIу, Iедалша шайна гIо дийр дара аьлла. Йисита а ю царах.

Линкана тIе

Iедалш и шайн декхарш ма-оьшшу, кхочушдеш делхьара, цIерабевлла нохчий леррина цIакхайкха а ца оьшуш, шаьш богIур бара элира Хьамзата.

Линкана тIе

Цул сов, нохчийн юкъараллехь дуьйцуш ду, нохчийн шайн Даймахкахь, шайн цIахь Iен таро а йохийна, бовла а, бахка а меттиг ца йитина, леррина цIера бахаран политика дIахьуш ду Iедалш, бохург.

Шен цIе ца йовзийтинчуо Нохчийчура яздина, 2002-чу шарахь дуьйна тхов-кIело йоцуш Iаш ву ша. Волгоградехь вехаш, цIа ван таро йоцуш, ваша а ву. Шайн шиъ дакъа дара, уьш хIора юьртден гIента хуучу стоьландегара кхузза юх-юха эца дезна шайн. Iедалша шаьш низамаш кIоршаме талхадо, ткъа миска нахана тIедохку буьззинчу барамехь кхочушдойту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG