ТIекхочийла долу линкаш

Шен химин герзаш хIаллакьдарца доьзна план кховдош ю Шема


И документ юха дIалур ду, Хiаагехь туп тоьхначу Химин Герз дехкаран Организаце.

Тахханехь, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигин а, Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин а леррина волу векал Истмалехь цхьаьанакхеташ ву махкал арахь йолчу Шеман политикан оппозицица.

Шемара хьал машаре дерзон Iалашонца, Женевехь вовшахтухучу конференцехь царга дакъа лацийта гIерташ ву БрахIими. Цу тайппа дагадовлраш дIахьуш Истмалера Iамеркан векал Форд Роберт а ву.

Шеман Къоман Кхеташонна хетарехь, Асад Башаран режиман векалшца машаран конференци дIахьойла дац, цо Шеман къомана ницкъ мел бо.
Женевера форум дIахьур йолу де къастийна дац, амма Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лиган куьйгалхочо аль-Iараби Набила дийцарехь, иза Лахьанан беттан 23-чу дийнахь схьайоьллур йолуш ю.
XS
SM
MD
LG