ТIекхочийла долу линкаш

Ходорковский чувоьллина 10 шо кхочуш иза аравалийтар дехна Европан парламентан депутаташа


Цкъа мацах европехь а уггар вехаш хилла хьолада Ходорковский Михаил набахти чу воьллина итт шо кхочуш, Европан парламентан шина депутато – Европан бератн Оьрсийчоьнца цхьанаболх баран комиссин гIантде когаметто Шульц Вернера а, Европан парламентан адамийн бакъонийн комиссин гIантдас Лохбилер Барбарас а дIахьедар дира, «Сихонца Ходорковский Михаил ара а валийта, цунна тIебехкинчу бехках цIан а ве», аьлла. Ший а депутат «Барт 90/Баьццарнаш» олу, Германера партин цIарах ву.

Шульцан дIахьедаро бахарехь, цкъа мацах Солженицынан а, Сахаровн а санна, чувоьллина латторо а, набахтин пенаш кIохцалшца буьйцина хиларо а, демократи а, социалан нийсо а йолчу Оьрсийчоьнехьа гIертар дIа ца даьккхина Ходорковскийн.

Лохбилера Барбарас яздина, Европерчу Адамийн бакъонийн Кхело билгалдаьккхина, Ходорковскийна тIаьхьа йина кхел харц хилла хилар.
Ткъа Европан Барто кхетташ ала деза Оьрсийчоьне, цу пачхьалкхехь гуттар а нехан маьршонаш охьатеIош хиларх лаьцна, боху Лохбилера.
XS
SM
MD
LG