ТIекхочийла долу линкаш

Немцойн кацлеран Меркел Ангелин телефонан къамелашка ладугIуш хилла Iамеркан къайлаха сервисахой


Немцойн кацлер Меркел Ангела

Немцойн кацлер Меркел Ангела

Iамеркахойн хаамийн гIирсаш Сноуден Эдварда кесталгIа Iамеркерачу къайлахчу сервисийн кхин а дукхох къайленаш гучуйохур йолуш ю, бохуш, хаамаш баржош бу. Цара дийцарехь, Iамеркахоша Оьрсийчоьнний, Китайний дуьхьал беш болчу белхашца йоьзна хир ю и къайленаш.


Ткъа цу юкъана гучудаьлла, Iамеркерачу Къоман кхерамазаллин агенталло немцойн канцлеран Меркел Ангелин мобилан телефонан-къамелашка лугIуш хилла хилар. Германехь массарна а хууш ду, Меркел Ангела кест-кеста смс-хаамаш язбеш Iедал долуш юйла. Хийлаза сарташ даьхна цуьнан фотожурналисташ, иза министрийн кабинет цхьанакхеттачехь я кхин долчу мехалчу белхан дагадийларшкахь сихъелла смсаш язъеш йоллучу хенахь. И бахьана долуш хийла меттигера забарчаш кхарда а кхаьрдара цунах.

ХIинца царна кхин а алсам бела а, кхарда а хIума даьлла, Меркел Ангелас шен хIусамдега язбеш хилла болу хаамаш Цхьанакхеттачу Штатийн агенташ боьшуш хилла, бохуш. Иштта хаамийн гIирсаша хIинцале а дийцаре даьккхина, Меркелс шен хIусамдега „Ас сарахь пхьоьрана кхерзина гIаз кечйийр ю хьуна, хьоменаг!“ аьлла язъйина йолу смс йоьшуш Iачу Iамеркахойн агентана хийла цергах хи тессина хир ду, бохуш.

Бакъду, хIинца -хIинца немцойн кацлеран телефонан-къамелашка ладугIуш Iамеркахой хилла хилар гучудаллалца иштта оьгIазлонца тIе ца оьцура Германин куйгалхочуо NSA белхахоша миллионашкахь европахойн телефонаш а, компьютерш а толлуш ю бохург. Ши бутт хьалха Iамеркахойн къайлахчу сервисийн агент хилла волчу, ткъа хIинца Москохахь лечкъина вехаш волу Сноуден Эдварда шен скандале гучудахарш юкъараллийна довзийтинчул тIаьхьа немцойн хаамийн гIирсаша а, цхьаццаболчу политикаша а жоп дийхира мехкан куьйгаллера, шуна хууш дарий Iамеркахоша меттигерачу бюргерийн дахар сел кIирделла толлуш дуйла, аьлла.

ХIетахь цкъа хьалха шена хIумаъ хууш ца хиллача санна, ша а цу хIумнах вуно цецъялла йолуш санна кеп йина хиллачу Меркелан жимма тIаьхьо, - Сноудена Европерчу пачхьалкхийн къайлаха сервисаш а Iамеркерачаьрца жигара цхьаьнаболхбеш ю, аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа, - мукIарло дан дийзира, немцойн БНД цIе йолу къайлаха сервис а цу низамца доцучу хIуманна декъахиларна. Бакъду, хIетахь Меркела шен цу хьокъехь журналисташца хиллачу кхамелехь билгалдаьккхира, шина пачхьалкхан къайлаха сервисаш цхьаьнаболх ца бича ца йолу, хIунда аьлча дуьненаюкъарчу террорхойн кхерам дела денна алсам болуш бу, ткъа ишттий бен цунна дуьхьал кхиина пачхьалкхаш латталур яц, аьлла.

ХIинца-м шен къайлаха къамелаш хIуммаъ къайлаха ца хиллийла гучудаьллачул тIаьхьа вуно чIогIа оьгIаз яхна немцойн кацлер. Цуо и хIума гIардаьллачул тIаьхьа оцу сохьта телефонаца зIе йинера Цхьанакхеттачу Штатийн президентаца Обама Баракъца, цу хиламах жоп деха. Меттигерачу журналисташа кхардамца яздира цу хьокъехь, и Меркелан а, Обамин къамел а хиллий теша къайлахчу сервисхоша дIаяздеш, бохуш? Ткъа цул совнаха, забаренна а доцуш, хоьттура цара: Фрау Меркель, хIинца муха хета хьуна, хьайн массо а дош, - уггаре а экама а, эвхьаза а, къайлаха а дерг а тIаьхьа, - хийрачу наха ладугIуш хиллийла хиъча? Иштта хетара хьуна миллионаш европахошна а, хьан урхаллин пурбанца Iамеркахоша шайчаьрга ладугIуш дуйла хиъча а, бохуш.

Ала догIу, Меркел цхьаъ хилла ца Iа, Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхойх Iамеркерачу къайлахчу сервисийн тергонан закъалт хилларг. Масех де хьалха гучуделира, Францин президент Олланд Франсуа а, миллионаш цуьнан махкахой санна, Iамеркахойн тергонехь хиллийла. Ткъа иштта кхин а Европерчу пачхьалкхашкара 35 лаккхарчу Iедалан дай а.

Цундела яхана бюьйса юккъе яллалца яхъелла хиллачу Цхьанакхеттачу Европин Брюсселехь дIаяхьанчу саммитехь Европерачу куьйгалхоша шайн резадацар довзийтира, шайн пачхьалкхашкахь Iамеркахойн агенташ сел эвхьаза леларх. Цу тайпанчу леламаша Обама Баракан урхаллех болу тешам а бойъу, трансатлантикан юкъаметтигашна эшам а бо, элира Меркел Ангелас, саммит дIаяьллачул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG