ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко мукIарло дина, бертахойн телефонан къамелашка къайлаха ладогIаро юкъаметтигаш шелъйина хиларна


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто пIераскан дийнахь мукIарло дина, немцойн канцлеран Меркел Ангелин а, кхин а цхьамоггIа Италин а, Францин а лаккхарчу даржойн телефонан къамелашка къайлаха ладугIуш хилла бохучу хаамаша, «бертахошца йолу юкъаметтигаш чолхе яьхна» хиларна.

Телефонан къамелашка къайлаха ладогIаран информаци гIараяьккхинарг ву, Iамеркан къайлахчу сервисашкахь болх бина хилла волу, карарчу хенахь Оьрсийчохь волу Сноуден Эдвард.

Iамеркан пачхьалкхан департамент зорбан-секретаро Псаки Джена аьлла, «и информаци гIараяларо бертахошца йолчу юкъаметтигашкахь чолхенаш яьхна, уьш дIаяха езаш ю. Коьртачу хаттаршна тIера тидам дIаузу цара», аьлла.
Iамерка саготта ю, ГIажарийчоьнца, Шемаца а доьзначу хаттаршкахь а, йохка-эцарехь а болу цхьаьанболх юкъахбаларна.
XS
SM
MD
LG