ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхера зударий машен лелон бакъонаш къуьйсуш бу


СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхера зударша дуьхьалонан акци дIаяьхьира тахана, зударшна машенаш лелорна цу пачхьалкхехь долчу дехкарна доьхьала. Тахана зударий машенашкахь арабевллера, шйн сурташ хьалххе социалан машанашкахь хьала а оьхкина. Цара Youtube тIе роликаш хIиттийна, пачхьалкхан кхечу гIаланашкахь а шайна гIортор яре сатуьйсуш.

Меттигерчу Iедалша пIераскан дийнахь дIахьедар динера, машенна хьалха хиинчу зудчунна гIортор еш интернетехь дош аьллачунна, таIзар дан бахьана долу, аьлла.

Машен хахкар зударшна доьхкуш долу низам дац СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхехь. Амма Iедалша зударшна бакъо ца ло, машен лелон хьашт йолу. Цу дехкаршна гIортор йо махкара дин дайша а. И гIиллакх дохийначаргара, царна кхечу пачхьалкхашкахь елла машен лелон бакъонаш схьайохур ю, аьлла цара. Билггал и бакъонаш ю, шоьтан дийнахь арабевллачу зударшкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG