ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан, юкъараллин а вовше тешам белхьара, нохчий шайн историна тIаьхьакхуьур бара


Иракъ -- Археологийн талламаш гучуяьхна шира кхабанаш, Наджаф
Иракъ -- Археологийн талламаш гучуяьхна шира кхабанаш, Наджаф

Археологин талламаш дIабахьаран гIуллакх меттахдала долалучу тера ду Нохчийчохь. Дуьххьара, шаьш нохчаша дан тарлуш ду иза. Оцу юкъанна, хууш, ца хууш, бахархоша даккхий зенаш историн маьIна долчу, ладамечу меттигашкахь.

Кхаа-деа дийнахь, болх бина, нохчийн археологаш, Iалхан-гIаланий, ГIуларний юккъахь, йолчу майнаданшкахь.Оцу меттигашкахь болчу гонашна, таллам бар а, уьш багар бар а, иза ю коьрта Iалашо. ХIинцалца, оцу меттехь, баккхий белхаш дIабаьхьан бацара.

Шовзткъе иттех шарахь хьалха, Виноградов Виталий цIе йолу историк хьалха а ваьлла, цига цхьана йоцачу хенахь ахкарш динера. ХIета, даре дина дара, оцу меттехь эзарнаш шераш хьалха Магас цIе йолу гIала хиллийла. Иза могIарера а ца хилла.

Латтанаш аьхкича гира, оцу гIалина, го баьккхина, мостагI тIе ца воуьйтуш, оьрнех, кертех йина доьхьалонаш хиллийла. Археологийн оцу тобанна декъашхо волчу Тангиев Мохьмада дийцира Маршо радиога шаьш болийначу балхах а, цуьнан хила мегачу жамIех а.

Тангиев Мохьмад: «Цигахь хьалхалерачу заманахь, I9 бIешераш доладеллачу хенахь бина цигахь талламаш. Таханлерачу дийнахь, гучу ца даьлларг гучудоккхуш болх дIаболийна бу. Хьалхалерачу язадрхоша билгалдаькхкина дара, оцу меттехь 5000 го а, барз а хилла бохуш. Оцу талламашка тхо арадоьвла, тхуна гина, дукхахерш наха йохийна юьйла. Амма, тхайн талламашца, гуш дерг, дIаяздеш, уьш дагардеш а хIума долийна оха».

Iалхан-гIалана уллехь йолу шира гIала, тахана, Къилбаседа Кавказехь, уггаре а яьккхийчарах ю, ша уггаре а йоккханиг яцахь, боху говзанчаш. Нагахь санна иза, кхачам болуш таллахь, жамIаш нохчийн къомана хаз неха санна, мехалла йолушхира ду аьлла кхин дIа а дуьйцу Iилманан академийн, археологийн талламашкахула центран декъашхочо Тангиев Мохьмада.

Тангиев Мохьмад:
«Тхуна цигахь шорта материалаш ю карийна. Кхабан дакъош а, кхечу пхегIех йисина хIумш а. Кхин дIа а аьхкича-м цигахь кхиъ шорта хIумш хира ю. И талламаш дIабахь Москохано елла бакъонаш а ю. Тахана, оцу балхана хадабан мах бац. Иза вайн истории ю иза. Вай ваьшша иза ца таллахь, арара бахка а баьхкина дийра дац иза. Кхечу репсубликашка хаьжча, оцу тIегIан тIехь вай жимма тIаьхь дисна, амма. И кхачамбацар вай дIадоккхура ду».

Нохчийчоь, археологийн маьIнехь, хIинца а дикка талланза мохк бу. Iедалан агIорара хIинций бен шуьйра болалуш а бац иза. Амма, Iаьржа археологаш олучу наха, тIом а, я кхиндолу хIума а новкъа а доцуш, и болх дIахьора. Цундела, махкахь наггахь бен дисина а хира дац, делланза маьлха кешнаш а, ахказ шира гIаланаш а. Магас санна шира гIала хилла меттиг ю масла СемаIашка оьвла йистехь а. Шайна луург оцу лаьтта буха волуш хIума лелийн наха, бохуш дийцира цигара вахархочо Хьумида.

Хьумид:
«Тхан юьртахь, лаьтта бухахь хуьлуш долу кешнаш ду. ша Мисарера пирамидаш санна чу аьхкина ду уьш. Латта хьакха а хьокхуш, нийса вахьнехь чувоьдуш меттигаш ю, ткъа бухахь чоьнаш ю. И кешнаш ду-кх кегийн. Цига чу болуш а бу, цхьадерш челегийна а ду. Iедалша дахка а даьхкина, цига цхьа дечка дIатоьхна «Скифийн шира кешнаш» аьлла тIе а язйина. Кхин хIумма а дац».

Цхьана СемаIашкахь хилла Iаш дац ишшта хьал, бохуш халахетарца билгалдоккху археолого Тангиев Мохьмада. ХIора дийнахь аьлча санна, шайга хаамаш бо наха керта охкуш цхьацца хIумш карийна шайна олий, амма, наггахь верг бен, и болх говзанчашка дIабала лууш ца хуьлу, аьлла тидам бира цо.

Тангиев Мохьмад:
«Уьш чIогIа дукха ю.Тахана вай Iилман академехь кхоьллина музей ю, археологийн центран бух тIехь. Цу музей чу наха телефонаш етташ, гIу йоккхуш цхьаъ карийна, керта охкуш важа карийна бохуш. И гонаш, латта схьадоккхуш дукхахерш йозхийна ю. Цхьацца болчара телефон а тухий, схьадаахкахьара шу олий, амма, тхо цига даха тохаделча, шай адрес ца олуш хIума леладо. Лууш хира дац царна, шай кертахь ахкарш дайта.Дукха ю цу тайпа сигналаш».

Хууш ма хиллара, нохчийн йозанца дIаязйина истори йоцуш ю. Иза хиллехь а, тахана Iалаш йина яц. Цундела, меттигерачу историкаша а, археологаша а, орца доккхуш санна кхайкхамаш бо, къоман бухе кховда аьтто луш долу хIумш шайгахь хIул а ца деш, нахала даккхахьара аьлла. ХIинца Iалхан-гIалана йистехь беш болу белхаш сацбан герга бу. ТIедогIучу шарахь, Iедалшкара бакъо а, ахча а оьшу иза кхиъ дIа бахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG