ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийн президентан харжамийн официалехь доцу жамIаш



Гуьржийчохь кIирандийнахь хиллачу президентан харжамашкахь, официалехь боцчу хаамашкахь бахарехь, тоьлла премьер-министр Иванишвили Бидзина тIетевжаш волу кандидат Маргелашвили Георгий.

Харжамийн комиссино даржийна терахьаш иштта ду: «Гуьржийн сатийсам» партерчу Маргелашвилигахьа кхаьжнаш тесна 62 процент харжамхоша, шолгIачу меттехь ву дарж дуьтуш волчу Саакашвили Михаилан «Халкъан Цхьааллехьа» цIе йолчу партин кандидат Бакрадзе Давид – 22 процент, хан хьалха парламентан спикер лаьттинчу Бурджанадзе Ниногахьа кхаьжнаш тесна 10 проценто.

Европан Кхеташонан Кхерамзаллин организацино чIагIдо, харжамаш маьрша а, низамехь а чекхбевлла, бохуш.
XS
SM
MD
LG