ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца Испанино а хаийтина ша Iамеркана резайоцийла



Iамеркан кхерамзаллин агенталло шайн бахархойн 60 миллион телефонан къамел тергоне лаьцна дахначу шарахь, аьлла дIахьедина Испанерчу «Эл Мундо» газето. Цо бахарехь, и хаам бинарг ву амеркара ведда Оьрсийчохь къайлаваьлла программист Сноуден Эдвард. Ткъа хьалхо иштта дийцадаьккхина, Iамерко телефонашка ладийгIина францхойн а, немцойн а, шайлахь канцлер Меркел Ангела а йолуш, аьлла. Iамеркарчу Уолл Стриит Жоурнало бахарехь, 35 пачхьалкхан лидеран телефонаш хилла Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисо тергонехь латтош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG