ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошца толамца дIахьош ду дийцарш



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин зарратах тергоечу хьукматан гIантдас Амано Юкияс хаам бина, шен хьукмат пайде жамIашка кхочуш ю зарратан программа ГIажарийчоьнца йийцаре ечу цхьанакхетаршкахь, аьлла.

Аманон оцу хьокъехь къамелаш хилла гIажаройн арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсца Аракхчи Iаббасца Венехь. Цхъаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина ТехIерано ГIажарийчохь маьршша зераш дIадахьа магор ду кестта.

Зарратан программа йийцаре еш, цхьанакхетарш хир ду дуьненан хьукматийн а, пачхьалкхийн векалийн а ГIажарийчоьнца кхин ши кIира даьлча, Женевехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG