ТIекхочийла долу линкаш

Буденновскна тIелатарна – 14 шо



Ставропол-мехкан кхело 14 шо хан тоьхна Буденновскна 1995-чу шарахь тIелеттачу нохчийн тIемалойх хиларна Хабаев Мовлдина. Сацамца реза вац цуьнан адвокат Хабаев Рамзан.

Цхьаъ делахь, нохчочо мила вийна, хьанна зен дина ца къастаделла, шолгIа делахь, цо зулам динехь а, иза жоьпе озон низамо магош йолу хан чекхъяьлла, чIагIдо адвокато.

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш, баьччас Басаев Шемала дIаяьхьира Буденовскехь тIеман операци. Цигахь велира меттигера 129 вахархо, шайлахь дуккха а эпсарш а, салтий а болуш.
XS
SM
MD
LG