ТIекхочийла долу линкаш

Туркменистан олу, Нохчийчоь хеза


Туркменистан -- пачхьалкх йозуш ца хиларан де даздан кечамаш беш, къоман духар доьхна туркменхойн зудабераш, Туркменабат, ГIадужу-бутт, 15, 2013

Туркменистан -- пачхьалкх йозуш ца хиларан де даздан кечамаш беш, къоман духар доьхна туркменхойн зудабераш, Туркменабат, ГIадужу-бутт, 15, 2013

Дукха пачхьалкхаш яц дуьненахь, юкъараллина шуьйрачу даздаршка эхар тIедуьллуш. Амма Туркменистан и санначарех цхьаъ ю. Гуламнаби Сахрас а, Рекнагел Чарлза а яздина цу хьокъехь.

Туркменистанан пачхьалкхан телевизоне хьаьжча хетало, туркменашна санна шайн президент везаш а, баккхийбебеш а хIокху дуьнентIехь цхьа а пачхьалкх яц.

ХIора баттахь эзарнаш бахархой гулло стадионашкахь а, майданашкахь а пачхьалкхан а, президентан Бердымухамедов Гурбангулын а даздаршкахь дакъа лаца. Леррина кечдина хуьлу и даздарш, ма-хуьллу, тIе адам тоттий.

Официала календара тIехь 24 деза де ду хьесапе эцна – «Турменистанан културин а, исбаьахьаллин а белхахойн дезачу денна тIера», «туркменийн пастина» тIекхаччалц. Амма дуккха а ду, тIедиллинчу кепехь даздан деза денош. Масала, «Лулахь Бертахь Iеран де» бохург саннарш. И тайпа денош хIора гIалахь, эвлахь даздина хила дезаш ду. Цхьана масех баттахь пачхьалкхан газеташа 64-зза дIакхайкхийра деа кIирнахь даздийр долу деза денош.

Iедалан хьукматашкара белхахой а, тайп-тайпанчу доьшийлийн а, школийн а студенташ бу даздаршкахь дакъа лаца буьгуш берш. Оцу нахана шайна хан тоа а ца тоьа.
Арслан цIе ю алар бен, кхин ша вийца ца луучу стага ишта дийцира Маршо радиога.


Туркменистан -- Туркменхой-студенташ бу деза де даздеш дакъа лоцуш, Ашгабат, ГIадужу-бутт 26, 2013.

Туркменистан -- Туркменхой-студенташ бу деза де даздеш дакъа лоцуш, Ашгабат, ГIадужу-бутт 26, 2013.

Арслан: "ХIокху тIаьхьарчу 7-8 шарахь тIех дукха даздарш а, фестивалаш а хилар бахьанехь, Iедалан хьукхматашкахь болх бечу нахана дицделла мукъа деношкахь я дезчу деношкахь шен гIуллакх дар я, садаIар хIун ду бохург. Масала, хIора мукъа дийнахь цхьацца даздарш хуьлу къоман - вилспет хахкаран де я, президент вогIуш-воьдуш нисло.

Оцу кепарчу гуламашка боьлху нах, Iуьйранна 6 даьлча хьала а гIовттий, буса 11 даьлча цIабоьрзу, президент дIа а вохуьйтий. Мел верг шайн когашна тIехь лаьтта везаш ву, арахь мел чIогIа йовха елахь а, шийла елахь а. Аьттехьа а таро яц нехан шайн гIуллакх дан, книгаш еша я садаIа.”

Цу даздаршкахь дакъа лаца даздарш дIахьучу комитето я школано тIедиллиарна кIелхьарвала цхьа некъ бу, лоьрера тоьшалла а даьккхина. Иза даккха аьтто ца балахь, масех денна тIера кIиранашна тIекхаччалц, когаш цхьаьний бахар нисдаллалц кечамаш бан деза, мачийн айрашна Iуьргаш довллалц. Когаш бахар а ду бес-бесара – хелхаран боларна тIера, гIожамашна буьххьера йозанаш тIехь долу телаташ цхьаний ласторна тIекхаччалц.

Кечамаш дIахьучу хенахь а, ша и даздар долчу хенахь а вуно луьра бакъонаш ю. Хи чохь шуьша хила йиш яц, хIума кхалла йиш яц. Гонахьарчаьрца къамел дан хIете-вете йиш яц.

Шен ХIумай цIе ю аьлла хIара стаг, Советан заманахь дуьйна лелийтина ву официцала даздаршка.

ХIумай: "Дукха дакъа лаьцна аса цу тайпа даздаршкахь. Ма-дарра аьлча, уьш цхьАна цхьаъ пайда болуш дац я, цхьаннена цига ваха а ца лаьа. Масала, пачхьалкх йозуш ца хиларан де дара (ГIадужу-беттан 27-чехь). Гуттар а сарахь даздеш Iедал дара иза. И де тIекхачале тхо хIора сарахь цунна кечам бан дигара масех дийнахь. Дийнна денош а дойъуш, меца а, хьогах а эцца хевшина Iан дезаш хилар-кх тхо.”

Цхьана студенто Бахара дуьйцу, ша а, шеца школехь доьшуш хиллачу кхечу берашна а, фонтанна чуьра хи мелча кхетта чохь лазарх.

Бахар: «Iаламат хала хуьлу аьхкенна тIехь, тхуна мала хи а ца ло. Суна дагадогIу, со 4-чу классехь доьшуш волуш тхо дуккха а сохьташкахь арахь лаьттина. Дукха хьагделла хиларна, арахь лаьттачу цхьана фонтанна те а хьалхина, нийсса оцу чуьра хи мелира оха, тхайн хьогалла дIаяккха.»

Сих-сиха хенан хIоттамца догIуш доцу духар лелон дезаш хуьлу, тIедиллинчу кепехь даздаршкахь дакъа лаца балийна нах. ХIунда аьлча, цу даздаршкахь къоман духарца дакъа лаца деза церан.

Iаьнна тIера шийлачу деношкахь бес-бесарчу аьхкенан кучамашкахь бехха лаьттина зударий чIогIа цомгуш хуьлу. Эвлахь лелон йовха кетарш йоьхна, кхекхачу маьлхан кIле лаьттачу божарийн дегнаш малло, хи ца тоар новкъа а долий. Оцу юкъанна, гуттар а камерашна белакъежна хила беза уьш.


Туркменистан -- Туркменхойн студенташ бу официала даздаршкахь дакъа лоцуш, Ашгабат, ГIадужу-бутт, 26, 2013

Туркменистан -- Туркменхойн студенташ бу официала даздаршкахь дакъа лоцуш, Ашгабат, ГIадужу-бутт, 26, 2013

​Туркменистехь дуьххьара дац и саннарг. Бердымухамедовл а хьалха президент хиллачу Ниязов Сапармурата юкъадаьхна дара и гIиллакхаш. Цо, шен агIора, Советан системе тIеэцнера, I991-чу шарахь Туркменистан Оьрсийчоьнах дIа а къаьстина, йозуш йоцу пачхьалкх хилча.

Оцу деза денойх пайда эцара Ниязовс, ша вазвар чIагIдеш. Цунна юкъадогIуш дара, цуьнан ойланех лаьтта Рухнама-жайна школашкахь Iамор.

Туркменистанера корреспонденташа чIагIдарехь, Ниязов веллачу 2006-чу шарахь дуьйна Iедалан коьрте хIоьттинчу Бердымухамедовс кхин а эвсара а, кхин а чолхе а дIахьо юкъараллин даздарш. Пачхьалкхан хаамийн гIирсаша 20I2-чу шарахь дIахьедар дира, Туркменистан «ирсан лаккхарчу тIегIане кхаьчна» хиларх лаьцна. Цуьнан бахьана ду бахара, Бердымухамедов харжамашкахь юхахаржар. Цу хаамна гIортор еш дара, вуно шуьйра, яккхий харжаш еш дIададьхьна даздарш.
Макклауд Джон Лондехь туп тоьхначу ТIеман а, машаран а институтехь Юккъерчу Азехула эксперт ву. Цу даздаран стратегех лаьцна ишта дийцира цо.

Макклауд Джон:
«Цигахь гуттар а хила дезаш ду и кхиамаш гайтаран даздарш, цу къомах хиларх дозалла дарш. Политикан тIеIаткъам бан беза махкара хьал дика хилла ца Iаш, кхин а тоделла бохучу хьоле (нах) баха. И саннарг Сталинна бухахь долуш, I930чу шерашкахь гина вайна (къам) охьатеIоран ийна кеп – даздарш, къоман даккхийдедарш. И саннарг дан гIерташ Къилбаседа Корейхь а, и кеп Румынехь, Чаушеску волчу хенахь а гина вайна.»


Туркменистан -- 18 шераш болу туркменхойн зудабераш ду, дуьххьара кхаьжнаш таса еанчехь, Ниязов Сапармуратан "Рухнама"-жайница лаьтташ, Ашгабат, Чиллан-бутт,11 , 2007

Туркменистан -- 18 шераш болу туркменхойн зудабераш ду, дуьххьара кхаьжнаш таса еанчехь, Ниязов Сапармуратан "Рухнама"-жайница лаьтташ, Ашгабат, Чиллан-бутт,11 , 2007

И даздарш туркменахойн Iедалан Iалашонаш кхочушъеш делахь а, цунах боккха мохь хилла могIарерчу туркменашна. Оцу даздаршкахь дакъа лоцуш, шайн хан яйъина ца Iаш, цара шаьш яккхий харжаш ян еза цу даздаршкахь тIедуху деза къоман духар оьцуш. Хьехархоша дешархошна тIедуьллу духарна а, кхин долчу хьашташна а цIера ахчанаш дар.

ТIаккха и ахча, духар а, сурсаташ а дахкийтинчу пачхьалкхан министраллашка юханехьа дIахьовсадо.
Юкъ-кара харжаш дIакхехьалучул а яккхий хуьлу. КIантана костом-хечий, пхьуйшаш доцурггий, йоIана – къоман коч эцаррий халонга долу къечу доьзалшна. Харжашна юкъа догIу вилспет я, синтар эцар. Эца езарг, билгалдаьккхинчу денца йоьзна хуьлу – Къоман денна я, Къоман Вилспетан денна.
XS
SM
MD
LG