ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пекинехь терроран тIелатар дина боху цигарчу полицино



Оршотдийнахь Пекинехь, Тяньаньминь-майданахь, дIасалелачу бахархошна юкъа а иккхина, машен яьгна, 5 стаг а вуьйш, 30 лаза а веш. Оцу бахьанийца лаьцна куьг-бехке пхи стаг. Цара доккхачу хIилланца терроран тIелатар дина, боху Китайн полицино. Яьгначу машен чохь хилла, цо хаам барехь, уьрсаш а, аьчка чкъураш а, динан экстримазмалле литература а.

Лецнарш бу Синьцзянера бусулба уйгураш. Оцу къоштана кест-кеста тIеIаткъам бо Китайн Iедалша, и меттиг пачхьалкхана кхерам бохьуш ю, олий, бахьана а хIоттадой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG