ТIекхочийла долу линкаш

26 палестинахо набахтех мукъаваьккхина Израило



Израило кхаарийдийнахь шен набахтешкара араваьккхина 26 палестинахо. Ша Палестинаца долийна хилла машаран дийцарш эвсардовлийтархьама дина иза, дIахьедина Тел-Авиво. Лецна кхобурш хеназа мукъабахар даздира Израилан дозанехь Газа-къоштан бахархоша а, тутмакхашлахь 10-15 шераш даьхначу наха а.

Рамаллехь къамел деш Палестинан лидера Iаббас Махьмуда дIахьедина, Газехь израилхошна цIенош дIахIитторхьама нах лецначуьра дIахецнехь, цунах гIуллакх хир дац, Палестинан лаьттанаш шаьш израилхошка дIадохуьйтур дац, аьлла.

Шена дуьхьаллаьттинчу палестинахойн протестан боламашкахь дакъалацарна Израило дуккха а шераш хьалха кхеле ийзийна нах бу набахтешкара дIахецнарш.
XS
SM
MD
LG