ТIекхочийла долу линкаш

60 миллиард сом – Кавказерчу туризмана



60 миллиард сом гергга ахча дала сацам бина Оьрсийчоьнан Iедало Къилбаседа Кавказехь туризм яржош. Оцу декъадогIу Нохчийчуьра Ведучехь садоIу гIишлош яхкар а. И хаам бина Оьрсийчоьнан экономикан министран гIовса Савельев Олега. Цо дийцарехь, 8 туризман кIошт чIагIйийр ю Кавказехь. Хьехочу ахчанах доьалгIа дакъа хIинцале а хьажийна туризме стохка а, лурчаха а.

Нохчийчуьрчу Iедалан дас Эдельгериев Абубакара бахарехь, 2 эзар белхан меттиг хир ю Ведучехь. Цигахь туризман комплекс йина яьккха дагахь ду Iедал 3 шарахь.
XS
SM
MD
LG