ТIекхочийла долу линкаш

Историн жайнеш ксенофобаша яздо


Оьрсийчуьрчу школашна кечдина историн жайнеш

Оьрсийчуьрчу школашна кечдина историн жайнеш

Тамаше делахь а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран, цхьана заманахь Сталинан а санна, Iедал ду школашкахь хIун, муха хьеха деза тергоне доккхуш. Уггаре хьалха цо омранашна кIел хьуриг ю истори. Иза юхаязйина, халкъана товччу кепехь хила еза, аьлла, болх болабайтира цо Iилманчашка. ХIинца тIедожийна школашкахь историн жайна цхьаъ хилийтар. Амма кечдинчу керлачу жайнина реза бац нохчийн историкаш. И аьлла Москохца къовсаме ваьлла, масала, Гелданарчу школера хьехархо Магомадов Салам.





Ма-хетта атта ца хилла Путинан лаам кхочуш бан. Юкъаяьккхинчу историн кинжкан чулацам ца тайна, масала, Нохчийчохь. Маситтаза цхьанакхетаршкахь дийцаре а дина и гIуллакх. Гелдаганарчу школера историн хьехархо Магомадов Салам векал вира, Москох а вахана, дешаран министраллехь Нохчийчоьнна хетарг довзийта. Историйн кинжкаш язъечу нахаца шен хиллачу цхьанакхетарах а, цигахь ша дийцинарг а довзийтира нохчийн хьехархочо.

Магомадов: «БархIалгIа классана 12 стага язъеш 12 кинжка ю. Царна юккхъахь цхьаммо цхьаъ яздо, кхечо кхин дуьйцу. Путина цаьрга цхьаъ язъян еза аьлла хилла. И алар бахьана долуш, цара проект хIоттийнера, муха, хIун дийца деза берашна исторех лаьцна, аьлла. Цу тIе хаьжча, тхо реза доцуш хIума дара дуккха а.
ХIара-м дийца могуьйтийла а дац, аьлла, цхьа кечам а бина, со Москох вахара. Массо а регионера векалш а бара цигахь. Ас къамел дира, шаьш ца яздича Iаш дацахь, халкъашна юккъахь барт эгIош хIуманаш яздан мегар дац, аьлла. Нохчий бехбан гIерташ, «нохчийн тIемалой» бохуш ма язде, бохура ас цаьрга».

Нохчашка цабезам хиларрий бен кхин бух ца го историкна Магомадов Саламна кинжкаш тIехь, къам бех а деш, яздар а, ткъа шайна йохкIаме доцу хIума хIулдар а.

Магомадов: «Буденновскана нохчийн тIемалой тIелатар» аьлла, яздина дара проект тIехь. Иза регионера хилам бу, иза хIунда яздина аш, иза дуьйцуш хилча, Нохчийчохь йохийна ярташ а, гIаланаш а йийца еза, бохура ас. Еккъа цхьана СемаIашкахь цу Буденновскехьчул дуккха маьрша нах ма байина! Иза а дийцира ас цигахь».

60 шарах доккхаха дакъа берашна хьоьхуш даьккхина волчу Магомадов Саламан шеко яц, ишшта къам бехдечу хIуманашна стаг терго еш хила везаран. Цо бен бакъо толор яц аьлла хета цунна.

Магомадов: «Турпалхой буьйцуш хилча, Нурадилов Ханпаша хIунда ца хьахаво аш? 920 фашист ма вийна цо! Иза Iаламат хIума ма ду. Дуьненахь цхьанхьа а хилла хIума ма дац иза. Иштта яра ас цигахь йовзийтина позиции. Вай IадIийча, истории а харц язйийр ма ю. Вайн Iилманчаша а, кхечу наха а терго ян еза цунах

Со нохчо хиларе терра, суна хетарехь, Оьрсийчоьнан истори юьйцуш елахь, масала,19-чу бIешеран, оццу хенахь Нохчийчохь паччахьан Iедало лелийна харцо а мА йийцъе хьехон, боху ас. Дуьненан ШолгIа тIом буьйцуше, цигахь нохчаша гайтина хьунарш а берийн тергоне даккха деза. Нохчашна хаьа, еза шайн истори. Хьехархочо гайта дезаш ду иза, ша патриот велахь».

Нохчийчоьнца дукха хIума доьзна ду Оьрсийчоьнан аьлла хеташ тахана дукха адамаш ду. Цхьана хенахь, жуьгташна тIетоттуш бара мел болу бехк пачхьалкхехь, ткъа хIинца и меттиг нохчашна кхачош ю харц-историкаша. Оцу хьолехь уггаре а чолхениг ду нохчашка болчу цабезамна тIехь Iедало шен политика хIоттош хилар. Дукха хьолехь, иза дийрашвуно хьекъал долу наха нисло. Цара тIекхуьу чкъор кечдо кхана-лама, шайн дахарехь аьтто ца баьлча, «бехкениг» мила ву хаийта.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG