ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь кхин дац боху химин герз



Химин герз лелор доьхкучу дуьненаюкъарчу организацино хаам бина, Шемано шен химин герз ден гIирс берриг а хIаллакхбина, аьлла. И мел бакъду билгалдер ду Лахьан-беттан 1-чу дийнахь хуьлучу тергамхой кхеташонехь. Зераш дечара бахарехь, 23 химин герз деш хилла меттиг дIакъевлина Шемахь, амма ала дац герз дар кхечу меттигашка дехьа ца доккхина Башар Асадан Iедало.

1400 стаг дIаьвше герзаца верна бехке йира дуьнено Шема массех бутт хьалха. Оцу бахьанийца декхаре йожийра Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино и пачхьалкх химин герз дар даиманенна а дита.
XS
SM
MD
LG