ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европаца гергарло дезачийн саммит



Европан Берто юха а билгалъяхна, Вильнюсерчу саммитан декларацица а догIуш, шеца гергарло чIагIдан лууш йолу пачхьалкхаш. Евробертан векалша бахарехь, маьIна дац пачхьалкхийн юкъаралла цхьана чархе ерзош хьийза, амма гергарлонаш догIу ма-хуьллу шордан. Делахь а, хила тарло хенан йохалла и мехкаш а Евроберта юкъахь, аьлла хьахош ю Балканан пачхьалкхаш.

Евробертаца юкъаметтигаш шоръярна тIехь къахьоьгуш, цуьнца цхьана документийн бух кечбеш бу Эрмалойчуьра, Азербайджанера, Гуьржийчуьра, Беларусера, Молдовера, Украинера дипломаташ.

ТIебогIучу беттан юккъехь цара кечйийр ю гергарло чIагIдаран проект, ткъа Лахьан беттан тIаьххьарчу деношкахь и тIеэца гуллур бу оцу мехкийн куьйгалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG