ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш лелачу кеманаша 3 стаг вийна Пакистанехь



Еарийдийнахь Вазирстанехь чохь пилот воцчу кеманашца шайна тIелатар дарца шен суверенитет талхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа, аьлла, дIахьедина Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министралло. «Машаал» цIе йолчу Маршо Радион Пакистанерчу декъо хаам барехь, Вазирстанерчу Мираншах гIалина гергахь 3 тIалиб вийна кеманаша.

Иза нисделла Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза Iамеркан президенте Обама Бараке, шайн кеманаш Пакистанна тIехула лелор дитар доьхуш, дIахьедина кIира даьлча.

Пакистанан тIеман министралло далочу терахьашца, 320 гергга тохар дина Iамеркан шаьш лелачу кеманаша, вийна 2160 пакистанера Iедалх воцу герзахо а, 300 маьрша вахархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG