ТIекхочийла долу линкаш

Керри Джон: террорах ларлуш ладоьгIу телефонашка



Махко терроризмах ларлуш бен талламаш тIех сов нахала бевлла, бохура еарийн дийнахь шайн кхерамзалла чIагIъяран программа хьахош Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. Европехь а, кхечашхьа а Iамеркан низамхоша телефонашка ладоьгIна, аьлла, яьллачу скандалан хьокъехь цо элира, и болх дуьненаюкъара терроризм эшорхьама бан оьшу. «Вай цхьа нах шаьш шайн лелхийта кийчча болчу керлачу дуьненахь деха», - аьлла, тIе а тухуш.

Амма, нагахь санна Iамеркан кхерамзаллин урхалла и тайпа зераш деш, низамо магочул а совъяьллехь, иза а къастор ду шаьш, бохура Керрис. Iамеркара веддачу программиста Сноуден Эдварда Iамерко дуккха а мехкашкара телефонашка ладоьгIу, аьлла, даржийначу къамелан тIаьхье ю, цо цIерш яьхначу пачхьалкхаша Iамеркана дегабаам бар.
XS
SM
MD
LG