ТIекхочийла долу линкаш

Израилан кеманаш тохар дина Шемахь



Хаам баьржина, Израило Шемарчу Латакия къоштахь тIеман базанашна кеманашца тIелатар дина, аьлла, Тел-Авиво иза тIечIагIдеш дацахь а. Прессано дийцарехь, Шемин Iедалехь йолчу «Хьизболла» партин тIемалошна новкъарло еш, дина кеманаша шайн тохар. И дина хилар бакъдо Шемин адамийн бакъонашкахула йолчу организацино а.

Дуьххьала дац Израило Шемахь кеманашца тIеман опрецеш дIахьо. Кхушара маситтаза хилла и тайпа тохар.
XS
SM
MD
LG