ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанерчу тIалибаша шайна керла лидер хаьржина



Деношкахь Iамеркан дронаша, шаьш лелачу кеманаша, вийначу куьйгалхочун МехIсуд Хьакимуллин метта Пакистанерчу ТехIрик-э-Талибан Пакистан шех олучу тIалибийн юкъаралло шен лидер хаьржина СаIид Хан.

И хаам баржийна Маршо Радион Пакистанерчу «Машаал» сервисо. И харжам бина тIалибаша шаьш къайлах гулделлачу меттехь, Вазирстанехь. Шеца кхин виъ а леш, вийра дронаша МехIсуд.

Цунна бехке дора стохка набахтина тIе а летта, цу чохь кхобу 400 тIалиб мукъаваккхар а, лурчаха Карачи-гIалахь хIордан тIеман базина тохарш дар а.
XS
SM
MD
LG