ТIекхочийла долу линкаш

Чернокозоворчу тутмакхашна гIело йо



Нохчийчуьрчу Чернокозово-набахтин шолгIачу колонехь кхобучу 10 тутмакхна гIело йина кIира хьалха цигара хьал зен бахначу ницкъахоша, хаам бина республикан Юкъархойн тергаман комиссин декъашхочо Бахаева Миланас. Оцу бахьанийца, боху цо, шайн пхенаш хедийна лецна кхобучех кхаамма. Берзина бохий, етташ, арахь доьлхучу догIане бохуш, хьийзийна тутмакхаш.

Шаьш шайн пхенаш хедийначех цIарца вуьйцу цхьаъ – Джамалханов Хаваж. Бакъоларъярхоша леткъамаш бо, Чернокозовохь ен гело соцуш яц, шаьш цигара хьал мел далхадарх а, бохуш.
XS
SM
MD
LG