ТIекхочийла долу линкаш

Ахалаяна геч дина Саакашвилис


Ши де даьлча президентан дарж дуьтуш волчу Саакашвили Михаила геч дина Гуьржийчоьнан хиллачу тIеман министрна Ахалая Бачона. Ахалаян адвокато Ониани Гиоргис дийцарехь, цунна геч дар дехнарг бара цуьнан доьзал. Ша хиллачу тIеман министро ша бехке ву бохург тIе ца дуьту.

Ахалая Бачо дIалецира 2012-чу шарахь Лахьан-бутт болалуш. Шен даржал тIехваьлла аьлла а, набахташкара тутмакхаш хьийзийна аьлла а 3 шо хан туьйхира цунна.

Парламентан харжамашкахь толам а баьккхина, Iедале баьхкинчу «Гуьржийчоьнан сатийсам» олучу боламан векалша кхеле озийначу Саакашвилин накъостех цхьаъ ву Ахалая Бачо.
XS
SM
MD
LG