ТIекхочийла долу линкаш

Паспорташ дIадаха мега Оьрсийчохь


2016-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь чоьхьара паспорташ далар сацо деза аьлла хьалхататтар дина Оьрсийчоьнан Федералан миграцин сервисо. Цо кечйинчу низаман проектца а догIуш, паспортан метта дала мегаш ду тIехь сурт а, электронан чип а йолуш долу пластикан карта.

Цу картан хан хир ю 10 шо. Цу тайпа картанаш даларо аьтто бийра бу Оьрсийчоьнан 122 миллион махкахочуьнан цхьамоггIа электронан кепехь гIуллакхаш дан аьлла хета Iедалан векалшна.

Амма говзанчаш дийцарехь, уьш кечдеш дайа дезар ду дуккха а миллиардаш. Кехатан паспорташ юкъара дIадахарна дуьхьал бу Оьрсийчоьнан коммунистийн партин декъашхой. Царна хетарехь, цу гIуллакхо йоькъур ю Оьрсийчоьнан юкъаралла.
XS
SM
MD
LG