ТIекхочийла долу линкаш

Латышийн махкахо хила лаам бу Каспаровн


Латвин Iедалшка шена цу мехкан паспорт дехна шахматех ловзуш чемпион хилла волчу, Оьрсийчурча оппозицин жигархочо Каспаров ХIаррис. Латвин хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу мехкан вахархо хилча Оьрсийчоьнан махкахо хилар дIатаса дагахь вац Каспаров.

Цо чIагIдарехь, Латвин махкахо хиллачул тIаьхьа цуьнан аьтто хир бу Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а демократи а, машар а, нийсо а хIоттош маьрша политикан болх бан. Каспаровс яздинчу хехатца а догIуш, цуьнан кIентан нана Латвин махкахо ю, тхан цуьнан кIентан Iедалша елла бакъо ю цу махкахь ваха.

Кху шеран Мангал-баттахь Оьрсийчурча оппозицин жигархо волу Каспаров ХIарри дIавахара махкара Талламан комитето ша тIекхайкхинчул тIаьхьа. Каспаровна хетарехь, харц дов а кхоьллина, цунна махкал аравалар дехка гIерташ дара Оьрсийчура Iедалш.
XS
SM
MD
LG