ТIекхочийла долу линкаш

Косовора харжамаш бийцаре беш бу Брюсселехь


Сербин а, Косовон а премьер-министрш Дачич Ивица а, Тачи Хашим а Брюсселехь цхьаьнакхетта Евробертан арахьарчу гIуллакхашкахула йолу векалца Эштон Кэтринца. Цара дийцаре деш дерг ду Косовохь КIирандийнахь муниципалан харжамаш дIахьош адамашна тIехь ницкъ бар.

Косовон харжамийн комиссино сацам бина Косовска-Митровица олучу меттехь харжамаш юха бан беза аьлла. Цигахь туьтмаьжгаш йоьхкина хиллачу наха, йохийнера харжамийн каппаш. Эштон емал дина иза, амма цо даре дина Косовон дукхах йолчу меттигашкахь харжамаш нийса хилла хилар.

Белград реза ца хуьлу Косовоно 2008-чу шарахь ша Сербех йозуш йоцуш пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхор къобул дан. Косовохь КIирандийнахь дIабаьхьна харжамаш цхьа дакъа дара, Евроберто гIо а деш, цу махкара хаьл д1анисдаран.
XS
SM
MD
LG