ТIекхочийла долу линкаш

Нидерландийн латкъам луьстуш ю ХIаагера кхел



ХIаагерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхело Кхаарийн дийнахь листа болийна Оьрсийчольнан Iедалша Arctic Sunrise цIе йолу Greenpeace хIордан кема а, цу тIехь хилла экологийн жигархой а дIалацар бахьана долуш Нидерландаш бина латкъам.

Цу дуьненаюкъарчу суьдан гIантдас Янаи Сюндзис бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан векалш кхелан кхеташонехь дакъалоцуш хир бац. Шинарин дийнахь Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире телефон а тоьхна, дийцаре дира хIордакема дIалацарца доьзна хаттар.

Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь Greenpeace долахь долу «шакема» улле даханера Печоран хIорд чохь йолчу Газпроман мехкадаьтта доккхучу платформина. ШолгIачу дийнахь и кема дIалецира Оьрсийчоьнан дозанхоша. Цу тIехь хилла 30 стаг чувоьллина ву, шишша бутт хан а тоьхна.
XS
SM
MD
LG