ТIекхочийла долу линкаш

Норвегера журналисташ хьийзийна оьрсийн полисхоша


Норвегерчу журналисташа латкъам бина шаьш Сочи болх бан доьлхаш Оьрсийчоьнан полицино хьийзийна аьлла. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду дуьненаюкъарчу Human Rights Watch организацин сайт тIехь.

TV2 олучу Норвегин телеканалан репортер Боген Эйстен а, оператор Эюн Огге а кхаа дийнахь 6-зза дIалаьцна хилла полицин белхахоша. Кхузза уьш ле бина, полицин декъе а бигина. Масала, Майкопехь Боген, дIа а лаьцна, нарокотикаш лелийна аьлла бехке вина полисхоша, иза тестах чекхвалала реза ца хилча.

Журналистийн къелхьара бовла аьтто баьлла Москох йолчу Норвегин векалалле телефон тоха аьтто а баьлла, цигара гIо кхачар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG