ТIекхочийла долу линкаш

Шен гIуллакхаш доьхча, орца даьккхина Каримова Гульнарас


Узбекистан -- Ipad тIехь шен хелхаволуш волчу ден сурт доккхуш ю Каримова Гулнара, Ташкент, Марсхьокху-бутт 31, 2012.

Узбекистан -- Ipad тIехь шен хелхаволуш волчу ден сурт доккхуш ю Каримова Гулнара, Ташкент, Марсхьокху-бутт 31, 2012.

Шен дас, узбекийн президента Каримов Исламан режимо адамийн бакъонаш йохорх лаьцна дийца аьлла, жигархой тIебирзинчул тIаьхьа и хаттар шен Твиттерна тIе даьккхина Каримова Гульнарас. Цо бахарехь, иза кхерон гIертачу къайлахчу сервисийн карах ницкъ хилла цунна а, цуьнан уллерчу гонна а. Къийсамехь йолчу агIонаша гучуяккха мега, Узбекистанехь адамийн бакъонаш йохорх лаьцна информаци.

Шен дас къизаллаш лелайо, ткъа нана а, йиша а Iаьржа маги лелош ю боху Узбекистанан президентан Каримов Исламан йоIа Гульнарас

Шарахь сов малхбузера жигархоша ира-кара хIиттийначул тIаьхьа, шен пачхьалкхехь адамийн бакъонаш йохон тарлуш хиларх лаьцна дуьххьара шен Твиттерна тIехь яздина Каримова Гуьнарас. Еххачу хенахь узбекийн президент волчу Каримов Исламан лерринчу сервисаша лаьцна хьалха хилла гIаролхой. Царна тIехь хIинцале ницкъ бина я бийр болуш бу.

«Шарифутдинов Хайота лаьцна цхьаболу гIаролхой», яздина Каримовас. Схьагарехь,Чоьхьарчу Кхерамазаллин Сервисан хьаькаме шегга Шарифутдиновга яздеш ду иза. Советан пачхьалкхехь лелаш хиллачу кепехь кхин дIа а цо яздо: "Чемберленна жоп ду иза церан... башха хьекъале доцуш. ХIинца цара (Чоьхьарчу Кхерамазаллин Сервисо) царна еттар ю (хьалха хиллачу гIаролхошна)"

Цул а итт минот тIаьхьа, хIокху шеран Чиллан беттан 2-чу дийнахь арахецна лоьран тоьшалла хьалаоьллира Каримовас, стеган пIенда кагбина хиларх лаьцна. Пачхьалкхан Чоьхьарчу Кхерамазаллин ницкъаша йиттина волу Кхерамазаллин ницкъийн векал ву иза бохуш яздина Каримовас.

Каримова Гульнарин Twitter агIо, Лахьанан-беттан 4, 2013.

Каримова Гульнарин Twitter агIо, Лахьанан-беттан 4, 2013.



https://twitter.com/GulnaraKarimova/statuses/397378117360447488






Схьагарехь, кхин гIирс ца карийна, Твиттерехь яздан йолаелла иза шен халахетарх лаьцна. Цкъа-цкъа тамашийна ду цо яздийриг. Цо шен нана бехке йо, йилбазан хIума лелорна. Ткъа шен йиша бехке йо, цо холмачалла, Iаьржа маги лелорна. Шен да, советан заманера диктаторх Сталин Иосифах тарво цо.
Штройляйна бахарехь, адамийн бакъонаш йохош лаьттачу юкъараллина пайда бала тарло. МостагIалла лелочу агIонаша гучудаккха тарло, царна зуламе дер долу, цIармат хIума. Баханчу ГIадужу баттахь Штройляйна болх бечу Human Rights Watch организацино хьесапе эцна, Узбекистанехь ницкъ бар алсамдалар.

«Схьагарехь, шлюзаш йиллина яц, амма цунах чекхдолу алссам хи гойла ю вайн», элира цо.

Штройляйн: «Ма-дарра аьлча, ницкъ барна тIехь кхоьллина а, инзаре адамийн бакъонаш а йохош, ерриг юкъараллехь кхерам тасарна тIехь лаьтта режим йоха йолаелча, иза цхьацца фракцешка екъало. И фракцеш, цхьаъ вукхул а сов вовше бехъян хьовсур ю. Иза ишта хуьлуш а, догIуш а гIуллакх ду.»

XS
SM
MD
LG