ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фазлулла шайн лидер хаьржина Пакистанерчу тIалибаша


Пакистанерчу Tehrik-e-Taliban Pakistan олучу тобано шен керла лидер хаьржина Фазлулла Молла. Цу даржехь цо хийцина даханчу кIирнах Iамеркан тIехь пилот воцучу кемано ракеташ а тоьхна, вийна волу Мехсуд Хакимулла.

Курасани Джафар ву ша аьлла цIе яьккхинчу тIалибийн векло Маршо Радионна еллачу интервьюхь бакъдина Фазлула шайн куьйгалхо хаьржина хилар. Цу стага хIинца куьйгалла дийр ду Сват олучу кIоштахь болчу тIемалошна. И стаг лоруш ву Сват-провинцехь ехаш хилла 16 шо долу йоI Юсафзай Малала йе аьлла омра делларг.

Стохка ГIадужу-баттахь цунна герз диттира тIалибаша. Вуно еза чов хиллехь а, и йоI дийна йисира. ХIинца Юсафзай доьшуш ю Британехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG