ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре еш ю юха а


Кху дуьнентIехь дош лелачу 6 пачхьалкхан векалша рогIера дийцарш долийна ГIажарийчоьнца, цуьнан зарратан программах лаьцна хаттар дийцаре деш. Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а, Францин а, Британин а, Китайн а, ткъа иштта Германин а векалш гIажаройн делегацица цхьанакхетарш дIадахьа лерина бу шина дийнахь- тахана а, кхана а.

И дагадовларш доладале ГIажарийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министро Зариф Джавада элира, нагахь хIинца а дийцаре дечу хаттарехь цхьа сацам ца карабахь, цуьнах катастрофа хир яц аьлла. Зарифана хетарехь, маслаIат каро хан билгал яккха гIерта оьшуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG