ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сбейна дIалаьцна Асадан Iедалша


Шеман Iедалан ницкъаша схьаяккхина гIаттамхошкара Димашкъана къилбехьа йолу гIала Сбейна. Пачхьалкхан зорбанан гIирсаша а, гIаттамхошца зIе латточу хаамийн гIирсаша а бакъдина и гIала армино шен караэцна хилар. Димашкаъана уллера меттигаш дIалийцинчу гIаттамхошна оьшург латтош коьрта меттиг яра Сбейна.

Асадан ницкъашна гIо деш хилла ХьезболлахI олучу боламан тIеман тобанаш. И болам терроран лоруш бу цхьамогIа Европерчу пачхьалкхо а, Iамерко а.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца 2011-чу шарахь конфликт йолаелчхьана Шемахь вийна 100 эзар сов стаг. 2 миллион 800 эзар стаг махках ваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG