ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаев Мурадана дуьхьал бехк-такхаман ши гIуллакх схьадиллина талламан комитето


Везваш волчу адвокатана Мусаев Мурадана дуьхьал бехк-такхаман ши гIуллакх схьадиллина Оьрсийчоьнан талламан комитето. Цу комитетан официалан векло Маркин Владимира дийцарехь, царах цхьаъ доьзна ду кхелехь теш хиллачу стагана кхаъ баларца. Ткъа важа гIуллакх ду кхелана болх бан новкъарло йина аьлла.

Маркина хаам бина, и гIуллакхаш схьадиллина Буданов Юрий вер толлуш хиллачу процессаца доьззна аьлла. Талламхоша чIагIдарехь, кху шеран Дечкен-баттахь Буданов верна бехке веш волчу Темерханов Юсупан адвокат волчу Мусаев Мурада суьдехь харц тоьшаллаш дайта, кхаьънаш а делла, эцна хилла ши теш. Цул сов, Мусаев а, цуьнан накъостий а гIиртина бехкъасторхошка Темерханов цIан веш вердикт тIеэцийта.

Буданов вийра 2011-чу шарахь Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь Москох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG