ТIекхочийла долу линкаш

Жуьгташка цабезам хилар алсам долуш ду Европехь


Европехь антисемтизм хIинца а шуьйра яьржина ю аьлла, дIахьедар дина Евробертан адамийн коьртачу бакъонашкахула йолчу агенталло. Европан Бертана юкъайогIучу 8 пачхьалкхехь вехачу 5 эзар 800 жуьгтичуьнга хаттарш а дина, цу талламан жамIаш Iора даьхна цу агенталло шен интернет сайт тIехь.

Оцу 8 пачхьалкхехь бехаш бу 90 процент европерчу мехкашкахь болу жуьгтий. Талламехь дакъалаьцначу 66 процент жуьгташна хетарехь, антисемитизм коьрта проблема ю церан пачхьалкхехь. 76 процентана хетарехь, и проблема ирйелла кху тIаьхьарчу 5 шарахь.

Евробертан агенталло бина таллам Iора баьккхина Германехь а, цхьана декъана Австрехь а, жуьгташна талораш дина 75 шо кхочуш. 1938-чу шарахь Лахьан-беттан 9-чу дийнахь буса офицалан кепара долчу терахьашца вийра 90 эзар жуьгти. 30 эзар жуьгтий лаьцна чубоьхкинера концлагершка. Дагийна, хIаллакдинера эзарнаш жуьгтийн цIенош а, туьканаш а, дарбанан хIусамаш а, школаш а, синагогаш а.
XS
SM
MD
LG