ТIекхочийла долу линкаш

Швейцарехь дIадоьлхуш ду ГIажарийчоьнца дийцарш


КхолагIа де ду Швейцарехь, кху дуьнентIехь алсам таро йолчу 6 пачхьалкхо а, гIажарийн векалш а дакъа а лоцуш, ГIажарийчоьнан зарратан программа хьокъехь дагадовларш дIадоьлху. Уьш кхиаме хилийта Жевеневе баьхкина Iамеркан а, Францин а, Германин а, Британин а, Оьрсийчоьнан а, Китайн а арахьарчу гIуллакхийн министрш.

Официала болчу хаамашца, хIинца а дуккха а цакхетамаш бу шина агIонна юкъахь буьсуш. ГIажарийчоьнан Дуьненаюкъарчу зарратан энергехула йолчу агенталлехь волчу векло Наджафи Резас дIахьедар дина, ТехIранехь Оршотан дийнахь МАГАТЭ-ца барт беш куьйгаш тIаIор ду аьлла, ладоьгуш ду шаьш аьлла. Оршотан дийнахь ТIехIране воьдуш ву цу агенталлан куьйгалхо Амано Юкия.
XS
SM
MD
LG