ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Москох вахана Украинан президент Янукович Виктор


Кху тIаьхьарчу шина кIиранах шолгIа Оьрсийчоьнан президентаца дийцарш дан Москох вахана Украини президент Янукович Виктор. Украини президентан сайт тIехь аьлла ду, хIара бутт чекхболуш Вильнюсехь Малхбалера партнералла олу саммит дIайолаялале экономикан а, йохка-эцаран а юкъаметтигаш йийцаре ян вахана Янукович Москох аьлла.

Цу саммитехь Евробертаца барт бан дагахь ю Украина Европан Бертана юкъаяха дагахь ша хилар билгалдоккхуш. Цунна дуьхьал ю Москох. Оьрсийчоь кхето гIерташ ю Киев,Советан Пачхьалкхана юкъахь хиллачу масех пачхьалкхах лаьттачу Таможнин Бертана юкъаяхар Украинина гIоле ду бохучух.

Янукович Виктор а, Путин Владимир а тIаьххьара цхьаьнакхийтира Минскехь ГIадужу беттан 25-чу дийнахь, СНГ-н саммитехь. Цул тIаьхьа ши де даьлча цара дагадовларш дIадаьхьира Сочехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG