ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокатана Мусаевна гIортор еш митингаш ян оьшуш дац боху Кадыровс


Адвокатана Мусаев Мурадана дуьхьал бехк-такхаман гIуллакхаш схьаделлар бахьана долуш, цхьа а митингаш ян ца оьшу аьлла, кхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен «Инстаграммехь» йолчу агIон тIехь Кадыровс яздина, низам тоьлур хиларх тешаш ву ша, цундела нах цхьанабетта а, митингаш ян а оьшуш дац аьлла.

Цо билгалдаккхарехь, дуккха а аналисташа хеташ бу Оьрсийчоьнан Талламан комитетана ца тайнарг Буданов верне бехке веш волчу стеган адвокат санна а, кхечу гIуллакхашкахь дакъалоцуш а Мусаев жигара хьийзар ду аьлла. Кадыровс дийцарехь, Мусаевна цу кепара тамашийна бехкаш дахкар могIарерчу бахархоша тIеоьцу хадам боллуш волчу адвокатана Iаткъам бан гIертар санна.

ПIераскана дийнахь интернетехь социалан машанашкахь кхайкхамаш баьржира, нахе Соьлж-ГIалахь митинге гулло Мусаев Мурадана гIортор ян аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG