ТIекхочийла долу линкаш

Гергарчу Малхбалехь 20 миллион берана вакцинаци еш ю полиомиелитана дуьхьал


Гергарчу Малхбалехь 20 сов миллион берана полиомиелитана дуьхьал вакцинаци ян дагахь ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организаци. Цуьнан бахьана ду и цамгар Шема пачхьалкхехь кху тIаьхьарчу I4 шарахь дуьххьара гучуяьлла хилар. Дуьненаюкъарчу Моагашаллан Организацино а, ЮНИСЕФ олучу дуьненаюкъарчу берийн фондо а хаам бина вакцинаци яр хIинцале а дIадолийна шаьш аьлла.

ГIадужу-бутт чекхболуш Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино хаам бира Шеман къилбаседа-малхбалехь 10 бер полиомиелитах цомгуш хилла аьлла. Полиомиелит инфекцин цамгар ю, вирусо кхотуьйтуш йолу. Иза кхетча кхерам бу дегIан меженаш совцарна.
XS
SM
MD
LG