ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 буо-бер дуьтуш, ша шена тIе куьг даьхьна елла Беларусера нана


Беларуси - Онахава Катерина -- Лакхахь (Аьт) цуьнан майра Александр (берашна юккъехь), Пружанашкахь шайн 11 бераца, 2010
Беларуси - Онахава Катерина -- Лакхахь (Аьт) цуьнан майра Александр (берашна юккъехь), Пружанашкахь шайн 11 бераца, 2010

Беларусерчу Пружаны-эвлара 39 шо долчу Онахава Катеринас дерриг дахар дIаделлера шен а, тIеэцна а 11 бер кхиош. Амма баханчу баттахь ша шена тIе куьг а даьхьна, елла и зуда. Цуьнан 11 буо-бер дисина. Иштта, дуккха а хаттарш ду, муьлхачу чолхенех Iиттало, нехан бераш кхаба тIеоьцу Беларусера дай-наной, бохуш долу.

Деккъа цхьа бер кхион а оьшу шортта ницкъ. Амма 11 бер кхиош хиллачу Онахава Катеринин и ницкъ шортта болчух тера хеталора.

39 шо хиллачу синIаткъаман говзанча, дуьненах самукъа а долуш, хьехаран болх баш яра. Цо дола дора ша динчу шина берана а, далийначу кхин а иссанна а. Бераш шина шарна тIера 18 шарана тIекхаччалц дара.

Цу юккъешхула цунна хан тоара юург ян а, чохь куьг Iотта а, блог язъян а, иза ехачу, 20 000 стаг вехачу Пружанашкара кхечу наношна хьехамаш бан а.


Пружанашкахь зумба хьоьхуш а хилла Онахава Катерина
Пружанашкахь зумба хьоьхуш а хилла Онахава Катерина
​Зумба олу, фитнесан хелхар хьеха йолаелла а хилла иза. Цул сов, церан чуьра цициг-жIаьала а хилла. ТIаьххьара ялийнера, арахь карийна цициг кIорни яра, Бенедикт Камбербэтч аьлла цIе а тиллина. Амма, ГIадужу-беттан 28-чу дийнахь, Онахавин ницкъ беддачух тера дара. Иза елла карийра ванни чохь. Гарехь, иза ирхоллаеллера. И гIуллакх толлучу талламхошна ца карийна, иза цхьаммо йийна хиларан билгалонаш.

Цу хаамо ира-кара хIоттийна тийна-таьIIина ехаш хилла Пружаны-гIала. Цу гIалин бахархой шайн ма-хуьллу кхета гIерта, оццул дуьненах самукъадолуш а, гIуллакхана тIера а хиллачу зудчо шена тIе куьг хIунда даьхьна те, бохучу хаттарх.

Пружаны-гIалин яхархо: «Зуда жима яра. Доьзалехь цхьа проблемаш хилла хила тарло. Шен декхаршца лара ца елла хила а тарло. Иштаниг хуьлуш ма хуьлу. 11 бер, хаза нехан санна доккха дукъ ду ма ду. Нана санна, со муха ларор яра хаац, хаац. Шен шинца ца ларайо со, ткъа кхузахь цхьайтта хилла!»

Онахава а, цуьнан цIийнда, компьютерийн программийн говзанча Александр а цхьаьний дехаш дара шайн берашца, дикка тойинчу хIусамехь. И хIусамаш «доьзалан тайпа берийн цIа» олуш ю. И тайпа хIусамаш, рогIера, доьзалан дахаран кепехь йолу, Беларусерчу буо-берийн дахаран алтернатива ю Оьрсийчохь а, Малхбале Европехь а санна.

Зудий-майрий, шаьшшиъ Петарбухехь лакхара дешар дешначул тIаьхьа юхадирзина хиллера, шаьшшиъ схьадаьллачу Пружанашка. Шайн ца хилла бералла, шаьш тIеэцначу берашна хилийта кийча дара и шиъ.

Хаамийн гIирсашна сих-сиха интервью луш хилла Онахава догдохуш яра, ша бераш доьзале эцарца а, Iуналла дарца а гулделла зеделлар, юкъарчу барамехь бехачу доьзалшна марздан. Мелла а ахча долчу наха шайн «ахчанаш буобераш кхиорна а дайъина, царах юкъараллин яхь йолу, сий долу бераш кхиийча», пайде гIуллакх хирг хиларх тешаш яра иза.

Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкахь, хIинца шаьш евллачу пачхьалкхашкахь, 24,000 буо-бер долчу Беларусехь а тIаьхьа, буоберийн хьал чIогIа ледара ду.


Шен ши бер долу а, кхаба исс бер шен доьзале эцна а йолу Онахава Катерина
Шен ши бер долу а, кхаба исс бер шен доьзале эцна а йолу Онахава Катерина
​ТIаьхьарчу 8 шарахь 7,000 бер доьзале эцна Беларусехь. Вуьйш, арахьарчу пачхьалкхашка дигина. Оьрсийчоьно санна, Беларусина ца дихкина, шайн бераш арахьарчу дай-наношка тIеэцийтар. Кхин а эзарнаш бераш хIинца а буо-берийн хIусамашакахь ду, дешаран а, дахара на хьелаш хIумма а тоьллачех доцуш.

Адвокаташа чIагIдарехь, «доьзалан тайпа берийн цIа», буо-берийн син-Iаткъаман чолхенаш ерзоран тоьллачех болу некъ бу. Амма, Iедалан тIехьажар чIогIа а, бюрократийн декхарш шорта а долчу Беларусехь дукха бакц и дукъ тIелаца луурш.

Онахавас ша ялале цхьа де хьалха шен блог тIехь жимма къадийнера, шен дог долуш хиларх лаьцна. Шайн 7 шераш кхаьчначу шина беран, и шиъ дина де даздан цхьана даха бина кечам юхабаккха дийзира Онахавин а, цуьнан цIийнден а. Хiунда аьлча, Iедалан хьукхматера инспекторша дукха тIаьхьам хаам бинера, шаьш хIун-ду мила ду хьовса догIур ду, кIиран дийнахь а, аьлла.

«Оцу кепара, тхо охьа а хевшина, цаьрга хьоьжуш Iийра. Эххар а, цара тхоьга хаам бира. Шайгахь машен яц, оршот дийнахь догIур ду шаьш», бохуш яздинера цо шен блог тIехь. «Ша шу машенахь схьаоьцур ду элира» цаьрга Шурас. Амма шаьш хIумма ца хеза кеп йира цара. Ма кIадъелла со, хIоьттина» аьлла аьлла йоза дитинера Онахавас.

Пружанийн цхьаболчу бахархойн хьесапехь, гуттар а беш хиллачу талламийн Iаткъамо тIе куьг дахьийтина цуьнга шена. Вукхара депресси бехке йо. КхоалгIачара магнитан Iаткъам. Я, Онахавас кхечу наношна «шайна хан яккха» хьехнехь а, цунна шена иза тоьина ца хилар бехке до.

Цул сов, 2010-чу шарахь Ненан орден еллачу Онахавина, ша юхьарлаьцначуу гIуллакхах догдахар а, башха кхане йоцуш хетаран билгалонаш а яра. Цуьнан цхьана доттагIчо охьатеснера, «доьзалан тайпа берийн цIа» лелоран проект.

«Безам а, дика а долу еккъа цхьа меттиг, цIа ду, цхьана жимачу тобанехь. МостагIий неIсагIин арахь бу», аьлла яздинера Оонахавас шен блогехь. «Со кхин ца латтало баррикадашна тIе а хIоьттина, еларца куьг а лестош».
ЦIеххьана Онахава яларо къастоза дитина, тIеэцначу берийн кхолламах доьзна хаттар.

ХIаманчук Татьяна, Пуржанашкара берийн гIуллакхашна тIехьожучу Iедалан хьукхматан векал ю. Массо бер Александр диса бакъо ю элира цо.

ХIаманчук: «И гIуллакх хIинца а къастоза ду. Гергарчу деношкахь оха толлур ду иза. Кхеташ ма-хиллара, оцу доьзалца а, церан гергарчарца а цхьаний бийр бу оха сацам. Амма и бохург дац, оха массо мер дIадоккхур ду, хIан-хIа.»

Шен хIусамнана дIаяьлчхьана дуьйна зорбан-гIирсашка вистхила доьхьал ву Александр. Маршо радиоца онлайн йозанаш яздеш, цо доцца яздира: «Тхо ларор ду.»
XS
SM
MD
LG