ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура полисхой нийсонан агIончаш ца лору бахархоша


Нохчийчоь, Стигалкъекъа-бутт 21, 2012

Нохчийчоь, Стигалкъекъа-бутт 21, 2012

Полисхойн де даздина Нохчийчохь, бакъду бахархоша чIагIонан а, нийсонан а агIончаш санна тIеоьцуш бац низамхой.

Полисхойн дийнан хьомара даздинчу хьелашкахь гуламаш а беш, юкъараллин синтем ларбечу белхахойн сий-лерамна концерт–хIума а хIоттош, хеназа беллачарна хIиттийначу сийлаллин хIолламашна тIе зезагаш а дохкуш, церан хьокъехь куьйгаллехь болчара шайн-шайна декъалдарш гIара а дохуш, билгалдаьккхина махкахь низамхойн де.

Полисхойн урхаллехь, официала билгалдоккхуш ма–хиллара, терроран дуьхьала тIеман операци дIахьуш лазийна заьIапан биснарш боцуш, 1,500 гергга низамхо вийна махкахь. Хьаькамаш чIагIдарехь уьш а, церан доьзалш а, лазийнарш а бицбина бац Iедало.

Царна массарна а хаддаза гIо деш ду боху полисхойн буьйранчаша. Бакъду, радиохь а хьехийна ма-хиллара, кIезиг масалш дац заьIапа бисна сенханлера белхойн Iедало тергамза битина а, церан алапаш-пенсеш бахьана а доцуш хедийна а, дарба лело, могушалла тоян яла йогIу путевка олу бакъо ца а луш, тIаьхьабазийна а.

Iедалдайша хастаме дешнаш ца кхоош,цхьана агIор хестош белахь а.вукху агIор,бахархошлахь кIезиг бац, дIоггара бIобулуш лераме а, нийсонан агIончаш а хеташ, полицин белхой тIеоьцуш берш.» Уьш уггар хьалха Iедалехь болчеран лайш болуш санна, царна тешаме а,муьтIахь а хилла чекхбовлуш бу. Некъаца цхьа хьовзам хиллехь ,я вуьшта дош дашера даьлла меттиг нисьеллехь а,хьоьга гуш лаьтташехь харцо кхийдош елахь а ,мел хьо де доьхна йиш йоьхна висарх,хьо кхузза бакъ хиларх, низамхоша ларьеш ерг Iедалдайшца йолу юкъаметтиг ю.

Iедалехь болчеран мел бехк белахь а куьг бехке могIарера стаг хуьлу. Иза кху Нохчийчохь хIора денна а гуш долу бакъ ду-кх. Цундела суна а, сан могIарерчарна а цхьа нийсона, бакъонан дай ца хета полицин белхой. Мелхо а царех ларбала,царех бозуш ца хила а хьовсу дукхахберш».

Цу кепара дийцира нехан синтем ларбечу белхойн хьокъехь Старопромысал кIоштерчу вахархочо. Шен цIе ца яьккхичхьана цуо чIагIо йира, шен аз а хозуьйтуш, низамхоша лелочу харцонех дийца.
XS
SM
MD
LG