ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташ Нохчийчу, нохчий - Европе


Оьрсийчоьо -- Федералан Миграцин сервисана хьалха рагI лаьцна мигранташа, болх бан бакъо схьаэца дагахь, Москох, ГIадужу-беттан 25, 2013
Оьрсийчоьо -- Федералан Миграцин сервисана хьалха рагI лаьцна мигранташа, болх бан бакъо схьаэца дагахь, Москох, ГIадужу-беттан 25, 2013

Нохчийчохь белхан мигранташ тIех дукха баьржаш хилар билгалдоккху, махкахь бехачу бахархоша а, шаьш белхалоша а, тергамхоша а. КIезигчу ахчанех белхаш беш болу вьетнамхой, азербайдханхой, кхиберш а , цхьана хенахь, гIо хеташ хиллехь а, хIинца и гIуллакх бIостнехьа доьрзуш ду махкана.

Маршо радио: «Ассаламу Iалайкум! Муъмин, алахь соьга, жогIанна ши «Камаз» яссоран хIун мах бу шун? ЦIа чохь дасабаржо безаш бу иза. Хьалхарчу гIат тIехь. Мел ахча оьшу и болх барна?

Мигрант Муъмин: «Цхьан «Камазах» кхо эзар сом ду, сан ваша.

Маршо радио: «Бух ботта йоккхучу саьнгаран хIун мах бу?»

Мигрант Муъмин: «Цхьан метарх 100 сом. КIоргалла а, шоралла а ах метар елахь».

Маршо радио:
«Маса стаг ву шу?

Мигрант Муъмин: « Ворх-бархI стаг ву тхо!».

Маршо радио: «Оьшуш хилахь, ткъех стаг карор вуй вайна?»

Мигрант Муъмин: «Со хIинца гIу йоккхуш болх беш ву, сан ваша, сарахь ваьлча, телефон тухура ю».

Маршо радио: Ишшта телефонца къамел а дой, каравогIу, Нохчийчохь, болх бан, муьлхачу а къомах волу мигрант. Ткъа церан и телефонаш, наха кар-кара а луш, вовшах дIаса кхийдайо. Ас къамел динарг узбек ву. Иза шен йоккхачу тобанца ву, дукхачу хьолехь, Iаьржа белхаш беш: оьрнаш догIуш, кертара нехаш дIайохуш, бух бота саьнгарш йоккхуш.

Оццул дукха шераш кхузахь даьххнашехь, кхин говзалла кара ца ийци царах цхьаммо а. Амма, бечу балхана, мах тIетоха дукха дика хаа. Уьш нагахь сана, керта болх бан буьгуш хилча, царна, хIора стаган, дийнахь итт-итт туьма дала деза, юурган олий, ян дийнах цкъа мукъне а, йовха яа хIума яла еза. Мах буьйцучу хенахь, цхьана соьман вахь а ца бовлу уьш.

Азербайджанхой а, бу Нохчийчохь шорта. Цара коьртачу декъана, бетонца белхаш бо. Монолит а, бух а, бетонан, муьлхачу хала проекта тIера мел хала ламеш а до цара. 10-15 шо хьалха, цаьргахь и говзалла яцара. Бакухь, оцу хена юкъан, инзаре яьккхий гIишлонаш ян йолаелчу дуьйна, церан говзалла лакхаяьлла. Туркойх Iаьмма уьш.

Амма, и азербайджанхой а, узбекаш а бицбо, Нохчийчу схьататтабеллачу вьетнамхоша. Уьш массанхьа бу. Де дине мел долу, ша жIалийн нускалш санна алсам долуш а ду церан терахь.


Миграци а, къаьмнийн юкъаметтигаш а, Левада Центран таллам, Лахьанан-бутт 5, 2013.
Миграци а, къаьмнийн юкъаметтигаш а, Левада Центран таллам, Лахьанан-бутт 5, 2013.
ХIора юьртахь, аьлча санна, и вьетнамхой, чохь кхобуш а, царна тховкIело а луш, царна белхаш а нисбеш, цаьргара ахчанаш а оьцуш бу, шаьш нохчий. Беш болу белхаш, тайп-тайпана бу. Масла, вьетнамхошна карбирзинарг бу, пенашна штукатурка яр.

Иштта, лаьтта бетон а юьллу цара. И говзалла бен цаьргахь яцахь а, уьш дика Iемаш бу, цара мел болу болх шайна дика Iамабо, бохуш дийцира ша а гIишлошъярхо волчу Iумара.

Iумар: «Плитка а латйо цара, чохь паркет а туху, пластик а туху. Шайна карбеънарг бо цара. Дикаллах дергр ца хаа сунна, амма, наха бойтуш-м бу цаьрга иза. Блокаш а йота буьйлабелла уьш. Туьмнахь а, барх соьмах а ютту цара. Болх байбеш бу цара».

Iумар шен бригадица, махкахула, кибарчиг юттуш, тхоьвнаш тоьхкуш белхаш беш ву. Дукха зама ца йисина аьлла хета шена боху цо, оцу вьетнамхойн а, кхечу мигрантийн карбах. Ша дерг цу тIе доьдуш ду, элира цо.

Iумар: «Тхан болха-м кибарчиг юьллучеран, цкъачуьнна ца лаьцна цара дIа, амма, ишшта дIадоьдахь, тхо болх а боцуш диса мега. Шиш о даьлча боьдахь а. иза церан карагIура бу. Цхьана соьман эха соьман цара кибарчиг юьллуш хилча, церан хира бац и болх? Сунна-м ца хаа царна хIун дан деза. Арабьахча гIоле бара уьш. Байъа йиша ма яций уьш. Ша доьзал кхаба баьхкина мА бу уьш. Шай цхьа тхов а болуш лелаш ма бу уьш. Цигахь белхаш а бац, кхузахъь уьш долун дела чубаьхкина ма бу уьш».

Тахана Нохчийчохь, низамехь боцучу белхан мигранташна доьхьала болх беш бу Iедалша. Амма, миграцийн урхаллехь, Маршо радиога дийцарехь, ша саьрмаканна санна, цхьа корт дIабаьккхича, массийта тIеболучу кепехь терахь алсам долу церан. Итта махкалла араваккхахь, ткъа стаг чувогIу, боху цигарчу хьостано.

Ткъа официала болчу хаамашца, цхьа вьетнамхо вац Iедалан ял а луш, махкахь болх беш. ХIара шо доладелчу дуьйна, кхузахь гучу а ваьлла, пачхьалкхера араваьккхина ву 60 сов вьетманхо. Амма, хIора кIирнахь аьлча санна, Москохара автобусаш ю, беккъа вьетнамхой чохь а болуш схьаоьгIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG