ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна еха хенаш кхайкхайо республикера кхелаша


Нохчийчоь - Чернокозово набахти, Стигалкъекъа-беттан 16, 2010
Нохчийчоь - Чернокозово набахти, Стигалкъекъа-беттан 16, 2010

Официала кхуллуш тIом боцу сурт а долуш, цуьнца, тIамца доьзна, лоьцуш а, хенаш тухуш а бахархой бу Нохчийчохь.


Махкахь кхайкхочу маьршачу,кхолларечу дахаре нисса,шен рожехь дIадоьдуш ду кхузахь тIеман дахар а.Кхо кIира гергга хан ю ТIехьа Мартанан кIоштан ломан хьаннашкахь тIемалой лохуш болу.Чекхбаьллачу гIа дужучу беттан 22-чу дийнахь дуьйна а дIахьуш ю цигахь гIаттамхой хIаллакбан Iалашонца тIеман операци. Делахь а полисхойн урхалло гIардаккхарца цкъачунна цу декъехь кхиам хилла бац.Цигахь цу хена хааелла тIемалойн жима тоба, лаьттах йахча санна, къайлаяларх даре до низамхоша.

Бахархоша гIо-м ца дина те тIемалошна къайлабовла бохург тергамза а дуьтуш, низамхойн буьйранчаша билгалдоккху гIаттамхошна юург-мерг латтош, царна гIо деш болчу агIончийн могIанаш хаъал лилхадевлла бохуш. Цара кхеторехь ши-кхо шо хьалха хилларг аьттехьа а доцуш,тахана царех дог лозуш берш кIезиг бу .И мел нийса ду ала хала ду ,бакъду, махкахь хаддаза, цхьа рагI лаьцча санна хенаш а кхайкхош, набахте хьежош бу тIемалойн аьтто бина боху бахархой.

Иштачех цхьаъ кхела хьалха хIоттийна, масала, Гуьмсан кIоштехь. Цунна кхайкхийна ши шо хан лара йолийна кху лахьанан беттан 11-чу дийнахь дуьйна .28 шо долу Халимов ИбрахIим бехке вина кху шеран бIаьстенан юьххьехь, Iедало лохуш волчу тIемалочун Алхазовн аьтто барна. Ницкъаллин структурийн хьостано чIагIдарехь иза вийна дIаваьккхина леррина тIеман операци дIахьуш лаца хьовзийча,дийна кара ца ваха, цо герзаца дуьхьало яр бахьнехь. Цул тIаьхьа ши бутт гергга зама яьлча, аьхка, тов бецан беттан 30-чу дийнахь лаьцна Халимов ИбрахIим.

Лакхахь хьахийна ма-хиллара, тIемалойн агIончаш бу боху нах лецар а, царна хенаш кхайкхор а кхузахь, гурахь йочане денош хилар санний бен керла хIума дац.

Кхо-диъ шо хьалха, Газиев Тарханан куьйга кIел леллачу гIаттамхошна кхачанан сурсаташ латтийна хиллера аьлла, бехк токхаман гIуллакх а долийна, байначу баттахь,кхела хьалха хIоттийнера Бумта эвлара вахархо. ХIокху гурахь, Гезгмашин-бутт бале, Соьлжа кIоштан Ассиновск юьртарчу цхьаьнаметта ялх стагана кхелаш кхайкхина суьдо. Уьш бехке бина леррина гул а дина, тIемалошна ахчанца гIо дина аьлла.

Официалан дIасабаржочу хаамашка бIаьрг тоьхча а гуш ду, схьаухьуш дерг маьрша, синтеме дахар делахь а, шен рожехь дIадоьдуш гIайгIане, ладегIаме тIеман дахар хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG