ТIекхочийла долу линкаш

Басманан кхело бахамаш лацийтина Навальный-вежарийн



Москох-гIалин Басманан кхело лацийтина оппозицин векалан Навальный Алексейн а, цуьнан вешин Олеган а бахамаш. «Ив Роше Малхбузе» компанехь лачкъор толлучу гIуллакхаца доьзна ду боху уьш лацар. И аьлла хаам бина тахана цу кхелан зорбан-секретаро Романова Ольгас.

Навальный Алексейн адвоаката Кобзев Вадима дIахьедар дина, шена цу сацамах лаьцна хууш хIумма дац, аьлла.

Ша оппозиционеро а яздина твиттер тIехь, кхело буьйцуш берш хIун бахамаш бу.
Ши ваша навальный Алексей а, Олег а бехке веш ву «Ив Роше» компанин сурсуташа дIасакхоьхьучу хенахь, 26 миллион лачкъорна. Махкал аравала бакъо йоцуш ву ший а.

Баханчу ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь Навальныйна арахь даккха 5 шо кхайкхийна кхело, «Кировлес» компанехь хIума лачкъорна.

Ша Навальный а, жигархой а, оппозицин векалш а ший гIуллакхан политикан бух бу аьлла хеташ бу.
XS
SM
MD
LG