ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Филиппинашкахь "Хаян" тайфуно дина зе дерзон 297 миллион доллар гулдаре кхойкху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино


«Хаян» тайфуно инзаре бохамаш бинчу Филиппинашна гIортор ян 297 миллион доллар гулдаре кхайкхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Оцу пачхьалкхан исторехь уггар доккхачех лерина тайфуно дина зе.

Организацин инарла секретаран гIо-накъосталлин а, сихачу гIоьнан а хаттаршкахула когаметта йолчу Амос Валерис бахарехь, цу урхаллин коьртачу фондера хIинца Филиппинашна хьажийна 25 миллион доллар.

Цхьанатоьхначу Штаташа масех тIеман хIурдан-кема дахийтина цу махка гIо лаца. Пентагоно бинчу хаамца, 5 эзар эскархочо гIо дийр ду зенаш хиллачу филиппаношна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин хьесапехь, «Хайян» тайфуно вийна 10 эзар гергга стаг. 600,000 тхов боцуш висина. Верриг а, зе хилларг 9 миллион стаг ву. Ловзадаьллачу Iаламо дина зенаш инзаре лерина Филлипинийн Iедалша.
Даханчу пIераскан дийнахь Филиппинашна тIекхеттера тайфун. Цхьайолчу кIошташкахь, сохьтехь 300 чаккхарма чехка хьакхара мох. Хин йистехь етта тулгIенаш пхи метр лекха яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG