ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Варшавера шен векалаллина динчу тIелатарх ша къинтIера яккха боху Москохо


Даханчу оршот дийнахь Полшин коьртачу Варшава-гIалара оьрсийн векаллалина метигерчу ултранационалисташа динчу тIелатарх шаьш официала кепара къинтIера дахар тIедиллина оьрсийн Iедалша. Цул сов, шайн векалаллина дина зе меттахIоттор а, бехке болчарна таIзар а доьху Москохо.

Полша йозуш ца хиларан де даздечуу хенахь, 50,000 радикалан векалша боьлхучу хенахь, къепедацарш хиллера Варшавехь. И марш йолаялале Полшера националисташа оьрсийн байракх ягийра.

Оьрсийн векалаллина уллера, полисхо чохь лаьтта будка а ягийра. Ткъа дипломатан миссин керта кхийсинера петардаш а, лелха тIоьрмигаш а. Демонстрацин декъашхошца хиллачу Iотта-баккхамехь чевнаш хилла масех полисхочунна. Ткъеха националист лаьцна ву.

Полшин Iедалш къера хилла, и акци низамехь хилла ца хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG